Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мисар-махкара исраилхой арабевллачу шолгІачу шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь дІахІоттийна Везачу Элан четар. Мусас четар дІахІоттийра. Цкъа хьалха бух а хІоттийна, юха бІогІамаш дІа а хІиттийна, гураш а хІиттийна, хьокхий охьадехкира цо. Къобалдаран даьттанах цхьа дакъа схьа а эцна, иза четарна а, цу чохь долчунна а тІе а доьттина, и дерриг а къобалдира Мусас. ВорхІазза сагІа доккхучу кхерча тІе даьтта а тоьхна, кхерчана а, цуьнан гІирсашна а, юьхь-куьгдуьлургана а, цуьнан буьхана а тІе даьтта доьттира уьш къобалъян.
Выбор основного перевода