Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш дара исраилхойн куьйгалхоша сагІа доккху кхерч, баз а беш, Везачу Элана лерина иза къобалбечу дийнахь деана совгІаташ. Цхьаьна а тоьхна, уьш дагардича, церан жамІ иштта хилира: шийтта дато бога, шийтта дато кад, шийтта дашо кад. Ткъа бертан сагІина лерина деанера хІара: ткъе йиъ старгІа, кхузткъа ка, кхузткъа бож, шаре баьлла болу кхузткъа Іахар. Иштта яра, сагІа доккху кхерч баз а беш, Мусас иза Везачу Элана лерина къобалбича, сагІина лерина еана хІума. ТІехьовсучара эскаре иштта дІахьедан деза: „Керла цІа дІа а хІоттийна, иза Далла къобалдина воцург, шен цІа юхаверза. Иза тІамехь вен тарло, тІаккха цуьнан цІа кхечу стага къобалдийр ду. Сулим-паччахьо Везачу Элана бертан сагІина ткъе ши эзар бежана а, бІе ткъа эзар уьстагІ а беара. Иштта Сулим-паччахьо а, массо исраилхоша а Везачу Элан цІа даздира. ВорхІ дийнахь Везачу Элана сагІа доккху кхерч а базбира, кхин а ворхІ дийнахь четаршна чохь Іаш долу денош а даздира, ткъа цул тІаьхьа тІедеанчу дийнахь цу денойн даздаран тІаьхье йира. Исраилан халкъо хазахетарца даздира Делан цІа къобалдар. Царна юкъахь бара динан дай а, левихой а, иштта йийсарера юха мел бирзинарш а. Ярушалайман пен къобалбечу хенахь массо а левихо уьш мел Іаш болчу гІаланашкара Ярушалайме схьакхайкхинера. Левихой схьакхайкхинера, пен къобалбечу хенахь тайп-тайпана дечиг-пондарш а шинна а куьйгаца дуьхь-дуьхьал тухуш долу жима цІестан негІарш а тухуш, Далла лерина йолу назманаш ала а, Цунна хастамаш бан а. Делан цІа даздан олу Даудан назма. Веза Эла, ас хастам бо Хьуна. Ахь кІелхьарваьккхи со, сан мостагІий сох ца белийти. Сан Веза Дела! Ас гІо дийхира Хьоьга, Ахь суна дарба дира. Эхартара сан са ара а даьккхина, со денвира Ахь, Веза Эла, коша чу со ца вижийтира. Хастам бе Везачу Элана, Цунна тешаме болу нах. Иза веза хилар дагадоуьйтуш, хаставе аша Иза, хІунда аьлча кІеззигчу ханна ду Цуьнан оьгІазвахар, дерриг а дахарна ду Цуьнан дика. Суьйранна белхар дІахІоттахь а, Іуьйранна самукъадалар хуьлу. Со синтеме волуш ас бехира: «Цхьана а хІумано меттахвоккхур вац со». Хьайн диканца, Веза Эла, Ахь чІагІбира сан лам. Амма Ахь Хьайн юьхь къайлаяьккхича, со вуьйхира. ТІаккха, Веза Эла, Хьоьга кхайкхира со. Хьалдолчу Эле ас дийхира: «ХІун пайда бу сох, со хІаллаквича? Хьуна хІун лур ду, со коша чу вижча? Сан докъо хастам бийр буй те Хьуна? Сох йисинчу чено Хьан бакъдерг кхайкхор дуй те? Веза Эла, со дІа а хазий, къинхетам бехьа сох! Веза Эла! Хилахьа сан гІоьнча». Ахь сан белхаран метта, суна хелхар дели, сингаттаман духарш дІа а эцна, самукъадаларан духарш суна тІедуьйхи. Сан сино, ца соцуш, хеставойла Хьо. Сан Веза Дела, ас хестор ву Хьо гуттара а.
Выбор основного перевода