Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу тайпана белхаш бан беза ГІиршанан тІаьхьенах болчу наха, шаьш Делан четарца доьзна долу гІуллакх деш, шайна тІехь куьйгалла деш динан ден АхІаронан кІант Итамар а волуш». Гуламан четарца боьзна болчу церан белхашка хьаьжжина, цара дІаяхьа езаш йолу хІуманаш хІорш ю: четаран гураш а, цуьнан хьокхий а, бІогІамаш а, цуьнан баххаш а, гонахарчу кертан бІогІамаш а, иштта церан баххаш а, чІагІдеш тухуш долу дечиган хьостамаш а, машшаш а, берриг цуьнан гІирс а, оцу хІуманашца боьзна болу белхаш бар а. Цара дІаяхьа езачу хІора хІуманан, цуьнан цІе а йоккхуш, хьесап де. Цу тайпана белхаш бан беза Мерарин тІаьхьенах болчу наха, шаьш Делан четарца доьзна долу гІуллакх деш, шайна тІехь куьйгалла деш динан ден АхІаронан кІант Итамар а волуш».
Выбор основного перевода