Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьалхарчу Іахарца иштта сагІанаш даха: кхачанан сагІа санна хІинан доьалгІа дакъа тоьлла долчу зайтдаьттанца эдина бархІ кад дама, ткъа чагІаран сагІа санна биъ кад чагІар. ШолгІа Іахар сарахь, сагІа санна баккха, ткъа цуьнца хьалхарчуьнца санна долу кхачанан сагІа а, чагІаран сагІа а даккха. Иза цІера тІехь даьккхина сагІа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. Нагахь санна пешахь деттина кІен сагІа ахь доккхуш делахь, иза тоьллачу демах дина хила деза: зайтдаьтта тоьхна совсаза бепиг я тІе зайтдаьтта хьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш хила деза. Нагахь хьан кІен сагІа кхийрачу пхьегІи тІехь деттина делахь, иза зайтдаьтта тоьхначу демах совсаза дина хила деза. Бепиг дакъошка а декъий, цунна тІе зайтдаьтта дотта. Иза Везачу Элана лерина кІен сагІа ду. Нагахь хьан кІен сагІа ялгІу тІехь деттина бепиг делахь, иза зайтдаьттанца долчу тоьллачу кІен демах дина хила деза. Цхьана стагана тІера пхи шекхал схьаэца, дезачу шекхале хьаьжжина (цхьана дезачу шекхалан барам чу ткъа гер догІу). Амма ша сагІина лерина хІума яхьачу хенахь, стага Везачу Элана лерина кІен сагІа а дан деза: хІинан доьалгІа дакъа зайтдаьттанах эдина долу бархІ кад тоьлла кІен дама.
Выбор основного перевода