Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Аса исраилхошна луш долу канаІанхойн латта талла шайна юкъара нах бахийта. Шайн дайн тІаьхьенах долчу хІора тайпанах цхьацца куьйгалхо вахийта». Латта муха ду а хьовса: токхе ду я ледара ду? Цигахь дитташ ду я дац хьовса. Даггара гІерталаш, шаьш юхадоьрзуш цу махкахь кхуьуш болу стоьмаш шайца схьабалаш». (Ткъа иза кемсаша стом луш йолу зама яра.) Цара, дІа а бахана, Цин-яьссачу арара дуьйна Хьамат-Іинна юххехь йолчу Рахьуб-гІалина тІекхаччалц и мохк теллира. Меттамотт болчуьра дІа а бахана, НегІаб цІе йолчу яьссачу аренгахула чекх а бевлла, Хьеврон-гІала кхечира уьш. Цигахь бехаш бара Іаьнакхан тІаьхьенах йолу Ахьиманан, Шешайн, Талмайн гаранаш. Ткъа Хьеврон-гІала яра Мисар-махкарчу ЦоІан-гІаланал ворхІ шо хьалха дІахІоттийна.
Выбор основного перевода