Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун кІентий шовзткъа шарахь яьссачу арахь кхелхина лелар бу. Шу массо а делла дІадовллалц, цара бала ловр бу шун бехкана. Керлачу лаьтте хьовсуш, аш даьккхинчу шовзткъа денна лерина шовзткъа шарахь шаьш латийна къа бахьана долуш бала хьоьгур бу аш, цхьа шо цхьана дийне а нислуш. ТІаккха шуна хуур ду, Со шуна дуьхьал хилар хІун ду. Ас, Везачу Эло, боху иза, Суна дуьхьалдаьллачу кху зуламечу халкъана Ас ден дерг ду иза. ХІокху яьссачу арахь берриг а хІаллакьхир бу уьш“». Тохара хьалха Синай яьссачу арахь Мусас а, динан дас АхІарона а дагардинчарах цхьа а адам хІинца дагардинчу халкъана юкъахь дацара. Везачу Эло хІетахьлерчу исраилхошка аьллера, уьш яьссачу арахь берриге а хІаллакьхир бу. Царах цхьа а дийна ца виснера, Епунин кІант Килаб а, Нунин кІант ЮшаІ а воцург.
Выбор основного перевода