Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ХІара латта вай схьалаьцначу хенахь, Арнон-хина йистерачу ІаруІер-гІалара дуьйна долу латта а, ГалІад-лаьмнийн ах а, цуьнан ерриге а гІаланашца цхьаьна ас Гадин а, Раабанан а тайпанашна дІаелира. Ткъа Раабанан а, Гадин а тайпанашна ГалІад-махка тІера Арнон-хина тІекхаччалц долу латта дІаделира ас. Церан къилбера доза Арнон-хина юккъехь дара, ткъа церан латта Іамминхойн дозанехь долчу Ябокх-хина тІекхаччалц дІасадаьржира. Оцу кхаа тайпанна дІаделла долчу латтанийн малхбузера доза Іариба-тогІи чохь долчу Йордан-хина тІекхаччалц дара. И доза Канарота тІера Дуьрачу хІордана уллохь болчу Пасга-ломан кІажина тІекхаччалц дара. Оцу хенахь ас шуьга иштта омра дира: „Шун Везачу Дала хІара латта шуна дІаделла шун дола даккхийта. Ткъа хІинца тІом балуш мел верг, герз схьа а эций, шайн вежарий болчу исраилхошна хьалха а валий, Йордан-хина дехьавала. Ткъа шайн зударий а, шайн бераш а, шайн бежанаш а, – суна хаьа уьш шун дукха дуйла, – ас шайна дІаеллачу гІаланашкахь дита, Везачу Эло, шуна санна, оцу шун вежаршна паргІато яллалц а, шун Везачу Дала царна луш долу Йордан-хина дехьа долу латта цара шайн дола даккхалц а. Цул тІаьхьа шух хІора а ас шайна деллачу лаьтта юхаверза“, – аьлла. «Дагахь латтаде Везачу Элан ялхочо Мусас шайга аьлларг: „Шун Везачу Далла лиира Йордан-хин малхбале агІор долу латта шуна дІадала, иза шун мохк хилийта“. Шун зударий а, бераш а, даьхни а Мусас Йордан-хил дехьа шуна деллачу лаьтта тІехь совца, ткъа массо а тІом балуш волчо, герзаца шайн вежаршна тІе а гІой, гІо де царна. Везачу Эло, шун санна, шун вежарийн а сатедаллалц, цара а шун Везачу Дала гуттаренна а царна луш долу латта схьаэццалц, гІо де царна. ТІаккха, юха а дерзий, шайна Везачу Элан ялхочо Мусас Йордан-хил дехьа, малхбалехьа, деллачу лаьттан дола де». Раабанан а, Гадин а тІаьхьенаш а, Маннашан тІаьхьенах ах нах а, исраилхошна хьалха а бевлла, герзашца хих дехьабевлира, Мусас шайна тІе-ма-диллара. ТІамана кечвелла шовзткъа эзар герга стаг, Везачу Элана хьалхахула чекх а ваьлла, Ерихонан аренашка тІом бан вахара. ХІинца Везачу Эло, шун Дала, синтем белла шун вежаршна, Ша цаьрга ма-аллара. ХІинца, Везачу Элан ялхочо Мусас Йорданал дехьа шайна деллачу латтанаш тІе дІа а гІой, шайн четарш чу юхадерза. Раабанан а, Гадин а тайпанаш а, Маннашан тайпанах ах дакъа а исраилхой болчуьра КанаІан-махкахь йолчу Шилунера дІадахара. Везачу Элан омрица Мусагахула шайна деллачу, ГалІад-махкахь долчу лаьтта тІе бахара уьш.
Выбор основного перевода