Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу наха, Мусана тІе а баьхкина, элира: «Оха кхузахь тхайн жа чудерзо гІотанаш а йийр ю, тхайн зударшна а, берашна а гІаланаш а йийр ю. Гадахоша юхаметтахІиттийра иштта гІаланаш: Дибон, Іатрут, ІаруІер, Іатрут-Шупан, ЯІзир, ЙогІбахІа, Байт-Нимра, Байт-ХІаран. Царах гадахоша чІагІйина гІаланаш йира. Иштта шайн жашна гІотанаш а йира цара. Раабанхоша юхаметтахІиттийра Хьешбон, ЭлиІала, Кхиръятим, иштта Набу а, БаІал-МаІун а (тІаьхьо церан цІераш хийцинера), иштта Сибма-гІала а. Шаьш юхаметтахІиттийначу гІаланашна цІераш техкира цара.
Выбор основного перевода