Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ХІара латта вай схьалаьцначу хенахь, Арнон-хина йистерачу ІаруІер-гІалара дуьйна долу латта а, ГалІад-лаьмнийн ах а, цуьнан ерриге а гІаланашца цхьаьна ас Гадин а, Раабанан а тайпанашна дІаелира. Ткъа ГалІад-лаьмнех йисина ах а, ІовгІа паччахьан болу Башан-мехкан АргІаб-кІошт а ас Маннашан ахтайпанна дІаелира». (Башан-махках репахойн мохк олура. Маннашхочо Яира берриге а АргІаб-мохк гешурхойн а, маІхахойн а латтанашна тІекхаччалц дІалецира. Башан-махкана Яира шен цІе тиллира. Царах хІинца а Яиран ярташ олу.) «ГалІад-мохк ас Маннашан кІант волчу Макиран тІаьхьенах болчарна дІабелира. Ткъа Раабанан а, Гадин а тайпанашна ГалІад-махка тІера Арнон-хина тІекхаччалц долу латта дІаделира ас. Церан къилбера доза Арнон-хина юккъехь дара, ткъа церан латта Іамминхойн дозанехь долчу Ябокх-хина тІекхаччалц дІасадаьржира. Оцу кхаа тайпанна дІаделла долчу латтанийн малхбузера доза Іариба-тогІи чохь долчу Йордан-хина тІекхаччалц дара. И доза Канарота тІера Дуьрачу хІордана уллохь болчу Пасга-ломан кІажина тІекхаччалц дара. Йордан-хина тІера малхбалехьа долу латта схьадаьккхинера исраилхоша. Арнон-хина тІера Хьермон-лома тІекхаччалц долу а, Іариба-тогІи чуьра малхбалехьарчу агІор долу а латта церан дара. И латта схьадаккхархьама исраилхоша хІаллакбина паччахьаш хІорш бу: Хьешбонехь Іийна волу эмархойн паччахь Сихьон. ГалІад-мехкан ах латта цо паччахьалла деш дара. Арнон-хина уллохь йолчу ІаруІер-гІалина тІера Ябокх-хина тІекхаччалц бара цуьнан мохк. Цу хина юккъехула дара цуьнан Іамминхошца долу доза. Ткъа иштта цо паччахьалла деш Іариба-тогІи чуьра малхбалехьа долу латта а дара, Канарот-Іома тІера Дуьрачу хІорда тІекхаччалц долу. Кхин а Байт-Яшимутана тІера къилбехьа Пасги-лома тІекхаччалц а дара цуьнан латта. Башанан паччахь ІовгІа. Репахойн къомах тІаьххьара вара иза. Цо паччахьалла деш яра Іаштарат а, ЭдреІи а цІераш йолу гІаланаш. Цуьнан долахь Хьермон-лам а, Салха-гІала а, берриг а Башан-мохк а бара, гешурхойн а, маІхахойн а латтанашна тІекхаччалц. Хьешбонан паччахьан Сихьонан лаьтта тІе кхаччалц болу ах ГалІад-мохк а бара цуьнан. Везачу Элан ялхочо Мусас а, исраилхоша а хІаллаквира и ши паччахь. Раабанан а, Гадин а тІаьхьенашна а, Маннашан ах тІаьхьенна а шерет санна дІаделлера Мусас цу паччахьийн латтанаш. Цунна тІехь толам а баьккхина, Арнона тІера Ябокх-хина тІекхаччалц Сихьонан латта схьадаьккхира исраилхоша. Уьш Іамминхойн дозанехь севцира, хІунда аьлча шайн доза чІогІа лардора Іамминхоша. Цул тІаьхьа исраилхой Башан-махка бахара. ЭдреІи-гІалина уллохь, шен дерриг а эскар а далош, исраилхошна тІамца дуьхьалвелира Башан-мехкан паччахь ІовгІа. Цхьа а дийна ца вуьтуш, паччахь ІовгІа а, цуьнан кІентий а, дерриг цуьнан халкъ а хІаллак а дина, Башан-мохк схьабаьккхира исраилхоша.
Выбор основного перевода