Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна, шун дог юха а даьлла, аша ла ца догІахь, кхечу деланашна Іибадат дархьама а, царна гІуллакх дархьама а шу дІаозор ду кхечара, ас дІахьедо шуьга: шу хІаллак а хир ду, Йордан-хина дехьа а девлла, шайн дола даккха, шаьш тІедоьлхучу лаьтта тІехь шу дукха дехар а дац. «Везачу Элан дерриге а халкъо а хоьтту: „Исраилхойн Далла хьалха хІун зулам ду аша динарг, Везачу Элана тІера дІа а дирзина, шайна сагІа доккху кхерч а бина, Везачу Элан дуьхьал а девлла? Ткъа шу Везачу Элах дІадирзина тахана! Шу тахана цунна дуьхьал девлла, ткъа кхана Иза дерриг а Исраилан халкъана оьгІазгІур ву.
Выбор основного перевода