Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул сов, шерачу арахь йолу ерриг гІаланаш а, Хьешбонехь олалла динчу эмархойн паччахьан Сихьонан берриг мохк а. Мусас хІаллаквинера и паччахь а, маданхойн баьччанаш а: Ивай а, Рекхам а, Цура а, Хьор а, РебаІ а. Цу махкахь Іийна болу а, Сихьонца бертахь хилла болу а элий бара уьш. Исраилхоша байинчарна юкъахь БеІаран кІант, пал тосуш волу БалиІам, вара. ХІора тайпанара волу эзар стаг а, динан ден ЭлиІазаран кІант Пайнехьас а тІаме дІахьажийра Мусас. Пайнехьасан кара дІаелира езачу меттера йолу пхьегІаш а, тІамехь локху турбанаш а.
Выбор основного перевода