Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шитим олучу меттехь шаьш меттамотт хІоттийна Іаш болчу хенахь, исраилхой муабахойн зударшца лела буьйлабелира. Муабахойн зударша шайн цІушна лерина хІитточу сагІанийн тойнашка исраилхой кхойкхура. Исраилхоша цаьрца цхьаьна сагІина деанарг а доура, церан цІушна Іибадат а дора. Иштта, цигахь БаІал-ПаІор цІе йолчу цІунна Іамал ян буьйлабелира исраилхой. ТІаккха Веза Эла чІогІа дарвелира Исраилан халкъана. Мусага Везачу Эло элира: «Цу халкъан куьйгалхой берриш а, дІа а леций, байа а байий, дийнан серлонгахь Везачу Элана хьалха ирхъохка. ТІаккха Везачу Эло дерриге а Исраилан халкъана Шен дарвалар дІадоккхур ду». Мусас исраилхойн кхелахошка элира: «Шух хІораммо а шайна юкъара БаІал-ПаІор-цІунна Іамал ян буьйлабелларш байа». Юха, Муса а, дерриг а Исраилан халкъ а гуламан четарна чуволлучохь тийжаш лаьтташ долчу хенахь, царна массарна а гуш, цхьана исраилхочо маданхойх йолу цхьа зуда шен вежаршна ялийра. Шена и дерриг а гича, динан ден АхІаронан кІентан ЭлиІазаран кІанта Пайнехьаса, гулам а битина, шен гоьмукъ схьаийцира. Оцу исраилхочунна тІаьххье четар чу а ваьлла, цунах а, цуьнца йолчу зудчух а шен гоьмукъ чекх а баьккхина, и шиъ дийра Пайнехьаса. Цо и дешшехь, исраилхой хІаллак а беш, царна юкъахь даьржина долу ун сецира. Цу даьржинчу уьнах велларг ткъе виъ эзар стаг вара. «ХІинца со сайн халкъана тІе юхавоьрзу, амма хьуна дІахаийта лаьа суна. Аса дуьйцур ду хьоьга Исраилан халкъо хьох а, хьан халкъах а ден долчух лаьцна». Нийса некъ дІатесна, тилабелла болу уьш, харц кхоэ сатуьйсуш висинчу БеІаран кІентан БалиІаман новкъа бевлла. Делахь а, шуна дуьхьалдаккха цхьацца хІума ду Сан. БалиІаман хьехамаш тІелаьцна болу цхьаболу нах бу шуна юкъахь. Исраилхошка къилахь долу гІуллакхаш леладайта Іамийнера цо Балакх-паччахь. Цара, цІушна сагІина лерина еана хІума а йоуьйтуш, Далла хьалха сийсаза долу хІума леладойтура исраилхошка.
Выбор основного перевода