Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оцу хенахь цуьнан ерриг а гІаланаш схьа а яьхна, царах хІорра а, Далла дІа а къастийна, кхоччуш дакъазаяьккхира, божарий а, зударий а, бераш а хІаллак а деш. Царах цхьа а дийна ца витира оха. Шун Везачу Дала и гІала шун кара схьаелча, цуьнан боьрша нах берриш а хІаллакбе туьран ираллица. Амма цуьнан ерриг а хІонс (зударий а, бераш а, даьхни а, гІалахь мел дерг а) шайна схьа а эций, шун Везачу Дала шун кара яийтинчу мостагІийн хІонсах шайна пайда эцалаш. Оцу кепара аша дан деза шайна уллорачу къаьмнийн долахь йоцучу а, шуна дикка гена йолчу а массо а гІаланашна. Ткъа шун Везачу Дала шун дола схьалуш долчу лаьттахь йолчу гІаланашкахь цхьа а чохь са долу хІума дийна ма йиталаш. Шун Везачу Дала тІе-ма-диллара, Цунна дІа а къастадай, хІара халкъаш кхоччуш дакъазадаха: хьетахой а, эмархой а, канаІанхой а, перезахой а, хьаьвихой а, явсайхой а. Кху гІалахь хІун ду хьажа хьалха ваийтинчу шина жимачу стаге ЮшаІа элира: «Нахаца лелачу цу зудчун цІа чу а гІой, иза а, цуьнан гергара нах а арабаха, шаьш цунна чІагІо йина ма-хиллара». Цу дийнахь вийна верриг а ГІай-гІалин вахархо шийтта эзар вара – боьрша нах а, зударий а. ХІинца, ваха а гІой, Іамалекхана тІелата, цуьнан мел долу хІума, къинхетам ца беш, хІаллакде. Массо а ве: зударий, божарий, бераш, декхаш долу бераш. Дерриг: етт, сту, уьстагІ, эмкал, вир – ша мел долу хІума, дей, дІадаккха“».
Выбор основного перевода