Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа левихоша шаьш совца беза меттиг тоьшаллин четарна гонах билгалъяккха еза, исраилхошна тІехь оьгІазалла ца хилийтархьама. Левихой оцу четарна уллохь ха деш лаьттар бу». АхІаронан а, дерриге а халкъан а дуьхьа гуламан четарна хьалха ха дайта цаьрга, иштта четарца боьзна болу болх байта цаьрга. Массо а исраилхойн дуьхьа гуламан четаран ерриге пхьегІаш а ларъяйта цаьрга, иштта четарца боьзна болу болх а байта цаьрга. ГІиршанан тІаьхьенах болчарна тІедиллинера гуламан четаран иштта хІуманаш Іалашъян: чухуларчу четаран а, тІехуларчу четаран а, четарна тІехула лаьцначу кхалоран а, четарна чуволучу меттехь йолчу шаршун а, Левихойн доьзалшкара болу и нах хьан куьйга кІел хир бу. Цара массо а Делан четарна уллохь ха дийр ду. Амма Делан цІа чохь йолчу цхьана а хІуманна а, кхерчана а уьш юххе ма бахийта, я уьш а, я шу а ца далийтархьама. Уьш хьайца а болуш, цаьрга гуламан четарна уллохь ха дайтархьама а, четарца доьзна долу дерриге а гІуллакхаш кхочушдайтархьама а. Ткъа царах воцу цхьа а стаг шайна тІе а ма ваийта.
Выбор основного перевода