Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло АхІароне элира: «Аса-Айса хьан кара дІаделла Суна лерина деана совгІаташ. Исраилхоша Суна яхьаш йолу массо а еза хІуманаш Аса гуттаренна а хьуна а, хьан кІенташна а шуна кхачош долу шатайпа дакъа санна дІало. Халкъо Суна сагІина лерина еанчу уггар езачу хІуманех дага ца деш дисина дакъа хьан хир ду. Цара сагІина мел деанчух – кІен а, я къинан а, я къера хиларан а сагІина деанчух – и дакъа хьуна а, хьан кІенташна а кхачош дерг ду. Аса, Везачу Эло, хьуна а, хьан кІенташна а, йоІаршна а гуттаренна а дІало исраилхоша Суна сагІина лерина дахьаш долу дерриг а совгІаташ. Иза туьхана тІехь чІагІбина болу, цкъа а бохор боцу хьоьца а, хьан тІаьхьенца а Аса бина болу барт бу».
Выбор основного перевода