Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Исраилхошна тІедилла чкъураца дІа ца йоьрзу цамгар ерш а, дегІах тІуналла схьаяьлларш а, веллачух хьакхабаларна Далла гергахь бехбелларш а берриге а шайна юкъара дІалахкар. Адаман докъах хьакхавелларг ворхІ дийнахь Далла хьалха цІена хир вац. КхозлагІчу а, ворхІалгІачу а деношкахь цІандаран хица тІехьарсийта деза цо. ТІаккха иза Далла хьалха цІена хир ву. Ткъа ша кхозлагІчу а, ворхІалгІачу а дийнахь цІан ца вайтинарг цІена хир вац. Докъах хьакха а велла, цІано яран Іадат кхочуш а ца деш, Везачу Элан четарна юххе ваханчу муьлххачо а иза бехдийр ду. Цу тайпана волу стаг Исраилан халкъана юкъара дІаэккхо веза. ЦІандаран хин цинцаш оцу стагана тІе ца тоьхна дела, иза Далла хьалха цІена хир вац, цуьнан цІена цахилар цунна тІехь дуьсур ду. Шен четар чохь веллачух лаьцна болу товрат-хьехам иштта бу. Нагахь санна стаг шен четар чохь дІакхалхахь, цу чохь мел верг ворхІ дийнахь боьха хир ву. Иштта боьха хир ю шайна тІехь негІарш чІагІдина йоцу ерриге а кхабанаш а, пхьегІаш а. ТІамехь вен а вийна, аренгахь Іуьллучух я Іожалла тІееанчух, я деллачу адаман даьІахкех, я кошах дІахьакхавелларг муьлхха а ворхІ дийнахь цІена хир вац. ЦІена цахилар дІадаккхархьама, аша, багийначу аьттан чим схьа а эцна, кхаби чу а тесна, цу тІе керла хи дотта деза. Ткъа цІена болчех цхьаммо, ярийн курс а эцна, иза цу хи чу а Іоьттина, четар тІе а, цу чохь хиллачу пхьегІашна а, адамашна а тІе а хин цинцаш тоха деза. Изза дан деза деллачу адаман даьІахкех, я тІамехь вийначух, я ша дІакхелхинчух, я кошах дІахьакхавеллачу муьлххачунна а. Ша цІена волчо Далла хьалха цІена воцучунна кхозлагІчу а, ворхІалгІачу а дийнахь оцу хин цинцаш тоха деза. ВорхІалгІачу дийнахь цо и стаг цІанвинчул тІаьхьа, цу стага хица шен бедарш йитта а еза, шен дегІ цІандан а деза. Сарахь иза Далла хьалха цІена хир ву. Ткъа нагахь Далла хьалха бехвеллачу стага ша иштта цІан ца вайтахь, и стаг Исраилан халкъана юкъара дІаэккхо веза, Дела Іаш волу меттиг цо бехйина дела. ЦІанваларан хин цинцаш цунна тІе ца тохарна, иза Далла хьалха цІена вац. Иза шуна гуттаренна а тІедиллина ду. ЦІанваларан хин цинцаш тІетоьхначо шен тІеюху бедарш йитта еза. Муьлхха а цІанваларан хих хьакхавелларг сарралц боьха хир ву. Иштта верг хьакхавелла йолу ерриг хІума а боьха хир ю. Иза дІахьакхавелла волу кхин стаг а сарралц боьха хир ву».
Выбор основного перевода