Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Левин тІаьхьенах волчу КхахІатан кІентан Ицхьаран кІант Кхорахь а, Раабанан тІаьхьенах волчу Элиабан кІентий Датан а, Абирам а, иштта ПелатІан кІант Ана а Мусана дуьхьалвелира. Цаьрца цхьаьна ши бІе шовзткъе итт цІеяхана волу а, халкъан баьчча волу а, гуламехь хаьржина волу а исраилхо хилла. Цара, Мусана а, АхІаронна а дуьхьал гулам а гулбина, элира: «Тоьар ду шуна: дерриг а халкъ ду даздина, цунна юкъахь Веза Эла а ву! Ткъа шуна хІунда хета те шаьш Везачу Элан халкъал а лакхара?» Хьепаран кІант волчу Цалпихьадан кІентий бацара, йоІарий бен. Цалпихьадан йоІарийн цІераш хІорш яра: Махьила, НуІат, Хьугила, Малка, Тирца. Тохара хьалха Синай яьссачу арахь Мусас а, динан дас АхІарона а дагардинчарах цхьа а адам хІинца дагардинчу халкъана юкъахь дацара. Везачу Эло хІетахьлерчу исраилхошка аьллера, уьш яьссачу арахь берриге а хІаллакьхир бу. Царах цхьа а дийна ца виснера, Епунин кІант Килаб а, Нунин кІант ЮшаІ а воцург.
Выбор основного перевода