Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь стаг валлал чІогІа цхьаммо иза дІатеттинехь я вен дагахь цунна тІе хІума кхоьссинехь, ТІаккха оцу гергарчу стаге элира БоІаза: «Муаби-махкара цІа йирзинчу НуІмата вайн вешех Элималиках дисна долу доьзалан латта духкуш ду. Хьоьга иза дІахазийта сацам бина ас. ХІара нах а болуш, массо а сан халкъан къаношна а хууш, и дакъа ахь дІаэца, хьо юххера гергара волу дела. Хьайна и эца лаахь, эца, ткъа эца ца лаахь, соьга схьахаийта. Хьо воцучун цкъа цхьанна а и схьаоьцийла дац, хьол тІаьхьа эца йиш ерг со ву». Вукхо ша оьцу элира. ТІаккха БоІаза дІахаийтира цуьнга: «Нагахь НуІматан доьзалан латта оьцуш хилча, веллачун зуда, муабахо йолу Рути а хьайна йига езар ю ахь, лаьттан дакъа веллачун доьзалан долахь дисийтархьама». «Йиш яц сан и сайна йига, сайн дакъа декъна ца хилийтархьама. Сан йиш йоцу дела, ахь тІеэцахь иза», – элира гергарчо.
Выбор основного перевода