Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьепаран кІант волчу Цалпихьадан кІентий бацара, йоІарий бен. Цалпихьадан йоІарийн цІераш хІорш яра: Махьила, НуІат, Хьугила, Малка, Тирца. Юсупан кІентан Маннашан кІант волчу Макиран кІентан ГалІадан тІаьхьенийн куьйгалхоша, тІе а баьхкина, Мусана а, исраилхойн доьзалийн баьччанашна а хьалха бист а хуьлуш, элира: «Везачу Эло тхан олахо волчу хьуна тІедиллина, Исраилан халкъан дола а доккхуш, кхаж тасарца лаьттан дакъош декъар. Иштта Везачу Эло тхан олахочунна тІедиллина тхан вешина Цалпихьадана кхаьчна долу лаьттан дакъа цуьнан йоІаршна далар. Нагахь санна и йоІарий исраилхойн кхечу тайпанах болчу нахе маре гІахь, церан лаьттан дакъа, тхан дайн тайпанан долара дІа а даьлла, уьш маре баханчу нехан тайпанан дола дер ду. Кхаж тасарца тхуна кхаьчначу дакъошна юкъара дІадер ду и латта. Ур-атталла Исраилан халкъана юкъахь лелаш долу МеттахІитторан шо тІекхаьчча а, и дакъа уьш маре баханчеран тайпанан дола дер дара. ТІаккха и дакъа тхан дайн тайпанна кхаьчначу лаьттан дакъошна юкъара дІадер дара». Мусас, Везачу Эло шега аьлла ма-хиллара, Исраилан халкъана тІе а дуьллуш, элира: «Нийса боху Юсупан тІаьхьенах долчу гарано. Цалпихьадан йоІаршца доьзна Везачу Эло иштта тІедуьллу: „Шайн бІаьргашна хазвеллачуьнга маре баха бакъо ю церан, амма уьш маре боьлхурш церан дайн гаранах долчу тайпанашкарчу нахах хила беза. Иза иштта хила деза Исраилан халкъан дола даьлла долу латта цхьана тайпанера кхечу тайпанан дола ца далийтархьама, хІунда аьлча исраилхойх волу хІорра а шен дайн тайпанан долахь долчу лаьттаца воьзна хила веза. Исраилан халкъах долчу тайпанан лаьттан дакъа шена кхаьчна йолу муьлхха а йоІ шен ден гаранах долчу тайпанан цхьана стаге маре яха еза. Иза иштта хила деза, Исраилан халкъах волчу хІоранна а шен дайх дисина лаьттан дакъа кхачийтархьама. Лаьттан дакъа цхьана тайпанера кхечу тайпанан дола ца далийтархьама а хила деза иза иштта, хІунда аьлча Исраилан халкъан хІора тайпанан орамаш шен лаьттаца доьзна хила деза“». Везачу Эло Мусана тІедиллинарг кхочушдира Цалпихьадан йоІарша. Цалпихьадан йоІарий – Махьила, Тирца, Хьугила, Малка, НуІат – шайн ден вежарийн кІенташка маре бахара. Цалпихьад Хьепаран кІант вара, Хьепар ГалІадан вара, ГалІад Макиран вара, Макир Маннашан вара. Цалпихьадан цхьа а кІант вацара, йоІарий бен. Церан цІераш яра: Махьила, НуІат, Хьугила, Малка, Тирца.
Выбор основного перевода