Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен элашка пирІуно хаьттира: «ХІара стаг санна верг вайна кхин мила карор ву, шена чохь Делан Са а долуш?» Мархи юкъахь чувоьссинчу Везачу Эло къамел дира Мусаца. Цуьнгара Дезачу Синан дакъа схьа а эцна, кхузткъе итт тхьамдина делира Везачу Эло. Деза Са шайна тІе доьссича, уьш Делера болу хаам бан хІиттира нахана, амма юха а севцира. Цу тхьамданашна юкъахь хаьржина Элдад а, Майдад а цІераш йолу ши стаг вара. Амма четарна хьалха ца вогІуш, меттамотт болчохь сецнера и шиъ. Царна тІе а доьссинера Деза Са. ТІаккха и шиъ Делера болу хаам бан волавелира нахана юкъахь. Схьахьаьдда веанчу жимачу стага Мусага элира: «Элдад а, Майдад а меттамотт болчохь Делера болу хаам беш ву». И хезча, Мусас хаьржина а волуш, цунна гІо деш волчу Нунин кІанта ЮшаІа элира: «Сан эла Муса, дехкахьа царна иза!» Амма Мусас жоп делира: «Халкъ сох дІадерзарх кхоьру хьо? Везачу Элан Деза Са тІе а доьссина, Цуьнан халкъана юкъара массо а велахьара Делера хаам беш». Мусас цунна тІе куьйгаш дахкар бахьана долуш, хьекъалх вуьзнера Нунин кІант ЮшаІ. Цо аьлларг деш хилира исраилхой, Везачу Эло Мусана тІедиллинарг кхочушдора цара. Везачу Элан Са охьадоьссинера Іотниалана тІе, иза Исраилан мехкан куьйгалхо хилла дІахІоьттира. Иза тІом бан аравелира. Ткъа Везачу Эло цуьнан кара Араман паччахь волу Кушан-Рашхьатайман дІавелира, цундела Іотниала цунна тІехь толам а баьккхира.
Выбор основного перевода