Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун Веза Дела шуна хьалхаваьлла Ша гІур ву. Цо хІара халкъаш шун юьхь-дуьхьалара хІаллакдина дІадохур ду, тІаккха аша церан латтанаш шайн дола дохур ду. ЮшаІ, Везачу Эло ма-аллара, шуна хьалхаваьлла гІур ву. ЮшаІ берриге а исраилхошна хьалха шена тІе а кхайкхийна, Муса цуьнга иштта вистхилира: «ЧІагІ а ло, доьналла долуш а хила, хІунда аьлча оцу халкъан Везачу Эло церан дайшна лур ду аьлла чІагІо йинчу лаьтта тІе хьо хьалха вер ву, ткъа ахь оцу халкъе и латта шен дола доккхуьйтур ду. Веза Эла Ша гІур ву хьуна хьалхаваьлла, Иза шуьца хир ву. Иза хьох дІавоьрзур а вац, Цо хьо дІатосур а вац. Кхера а ма ло, дог а ма доха».
Выбор основного перевода