Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Безачу тІоьрмага тІе дахка Урим а, Тумим а олу деза тІулгаш. Везачу Элана хьалха АхІарон хІуттуш цуьнан дагна уллохь хир ду уьш. Ша Везачу Элана хьалха а волуш, исраилхошна хІун дан деза билгалдаккхаран хІуманаш шен дагна уллохь лелор ю АхІарона». Исраилхоша схьаийцира цаьргара кхача, амма Везачу Элах дага ца бевлира уьш цу хьокъехь. Шена дуьхьал Шаул зуламе долу хІума лело воллий хиъча, Дауда динан да волчу Абу-ЯтІарига элира: «Схьая и ийпад». Цо Везачу Эле хаттарш дора, амма Иза цунна набарха а, Урим олучу безачу тІулгаца а, пайхамаршкахула а жоп луш вацара.
Выбор основного перевода