Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Якъубан тІаьхьенна дуьхьал лелийна бозбунчаллаш а кхочушхир дац, Исраилан халкъана дуьхьал тесна пал а кхочушхир бац. Шен хенахь Якъубах лаьцна наха дуьйцур ду, Исраилах лаьцна эр ду: „Иштта хІума дина-кх Дала!“ БалиІамна гора, Исраилан халкъ декъалдар Везачу Элана тамехь хилар, цундела цо, ша хьалха шозза деш ма-хиллара, пал а ца тосуш, шен юьхь яьссачу аренгахьа ерзийра. Шаула шен ялхочуьнга элира: «Ваха-м гІур вара вайшиъ иза волчу, амма цунна яхьа хІума ма яц: тІоьрмаг чуьра бепиг а кхачийна, цунна дала цхьа а тайпа совгІат а дац вайгахь. Цу Делан стагана вай хІун лур ю?» Ялхочо цунна жоп делира: «Соьгахь шекхалан доьалгІа дакъа хиллал дети ду. Иза аса цунна дІалур ду, ткъа цо вайшиъ нийсачу новкъа воккхур ву». Церан тхьамданаша кхаьънаш эцарца кхел йо, ткъа динан дайша шайна мах белча хьоьху. Церан пайхамарша а ахчанах пайхамаралла до. Шаьш иза дечу хенахь Везачу Элана тІетевжа уьш: «Веза Эла вац ткъа вайна юкъахь? Вайна тІе бала богІур ма бац!» – бохуш. Нийса некъ дІатесна, тилабелла болу уьш, харц кхоэ сатуьйсуш висинчу БеІаран кІентан БалиІаман новкъа бевлла. Къа ду церан, хІунда аьлча Кхаиман новкъахула боьлхура уьш, БалиІам санна, кхаьънашка марзбелира уьш, Кхорахь санна, гІевттира уьш, ткъа иза санна, хІаллак а хир бу уьш.
Выбор основного перевода