Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іуьйранна, хьалххе хьала а гІевттина, лаьмнашка буьйлабелира нах. Цара бохура: «Тхо гІалатдевлла, Дала бохучух а ца тешна, тхайгара даьллачунна чІогІа дохко а девлла. ХІинца Везачу Эло лур бу аьллачу махка дІагІур ду тхо». Шаула Шамъале элира: «Везачу Элан дашна тІера а, хьан лаамна тІера а ваьлла, аса сайх къа латийна. Со нахах кхеравелира, цундела цара бохург дира аса. ТІаккха вукхо элира: «Аса къа латийна. Делахь а хІинца сан къоман къаношна хьалха а, со Исраилан халкъана хьалха а ларий, соьца юхаверзахьара хьо, тІаккха аса хьан Везачу Далла Іибадат дийр дара». ТІаккха Дауда Натига элира: «Везачу Элана хьалха аса къа латийна». Натас Даудана жоп делира: «Везачу Эло ахьа латийначу къиношна гечдо хьуна. Хьо лийр вац.
Выбор основного перевода