Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Везачу Эло БалиІаме элира: «ХІан-хІа, хьо ваха мегар ду цу нахаца, амма варелахь, аса хьайна магийна дешнаш бен ма алалахь». ТІаккха Балакхан геланчашца дІавахара БалиІам. Балакха БалиІаме элира: «Соьца кхечу метте дІаволахь, цигара гур дара хьуна и халкъ, дерриге а ца гуш, ткъа цуьнан дакъа гур дара. Оцу меттера дІа сан дуьхьа неІалт кхайкхадехьа царна». БалиІама жоп делира Балакхе: «Ца элира ткъа аса хьоьга, Везачу Эло сайга де аьлларг дийр ду аса аьлла?» Нагахь Балакха детих а, деших а дуьзна долу шен паччахьан цІа суна луш хилча а, Везачу Эло бохучунна тІера а ваьлла, Цо магийтина доцу жима я доккха цхьа а хІума дан йиш яц сан. Везачу Эло сайга схьабоххург бен дІаэр дац аса!»
Выбор основного перевода