Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Исраилан халкъана тІера маданхошна бекхам бе, цул тІаьхьа хьо, дІа а кхелхина, хьайн дайх дІакхетар ву». Мусас халкъе элира: «Шайна юкъарчу цхьаболчу нехан кара герз ло. Везачу Элан дуьхьа маданхошна бекхам бан тІаме бахийта уьш. Байинчарна юкъахь вара маданхойн пхиъ паччахь: Ивай, Рекхам, Цура, Хьор, РебаІ. БеІаран кІант БалиІам а вийра цара туьраца. Цул сов, шерачу арахь йолу ерриг гІаланаш а, Хьешбонехь олалла динчу эмархойн паччахьан Сихьонан берриг мохк а. Мусас хІаллаквинера и паччахь а, маданхойн баьччанаш а: Ивай а, Рекхам а, Цура а, Хьор а, РебаІ а. Цу махкахь Іийна болу а, Сихьонца бертахь хилла болу а элий бара уьш.
Выбор основного перевода