Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ерихонна уллохь волчу хенахь ЮшаІана гира шена хьалха лаьтта цхьа стаг. Цу стеган карахь баттара даьккхина тур дара. ЮшаІа, тІе а вахана, хаьттира цуьнга: «Хьо тхайниг ву я тхан мостагІех ву?» – аьлла. Стага жоп делира: «Со иза а, я важа а вац. Со Везачу Элан эскаран тхьамда ву, хІинца кхуза веана». Лаьтта кхаччалц цунна хьалха охьа а таьІна, ЮшаІа элира: «Шен лай волчуьнга хІун эр ду сан эло?» Везачу Элан эскаран тхьамдано ЮшаІе элира: «Хьайн когара мачаш схьаяха. Хьо лаьтташ волу меттиг еза ю». ЮшаІа цо боххург кхочушдира. ТІаккха ЭлишаІа, доІа а деш, элира: «Ва Веза Эла! Кхуьнан бІаьргаш схьаделлахьа, са гайтархьама». Везачу Эло оцу ялхочун бІаьргаш схьадиллира. ТІаккха цунна гира ЭлишаІана гонах лам цІеран дойх а, гІудалкхех а буьзна хилар. Дала цу шина стагана Іийса вовзийтира. Амма Іийса царна ца гуш хилира.
Выбор основного перевода