Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делера болу хІара хаам бира БалиІама: «Балакха со Арам-махкара схьавалийра, муабахойн паччахьо со малхбалехь болчу лаьмнашкара схьакхайкхира, „Схьа а волий, неІалт кхайкхадехьа Якъубан тІаьхьенна, сардам боллахьа Исраилан халкъана!“ – аьлла. Муабахойн паччахь, Ципуран кІант Балакх, гІаьттира тІамца исраилхошна дуьхьал. Цо БеІаран кІант БалиІам валавайтира, цуьнга шуна неІалт кхайкхадайта. ХІунда аьлча шу Мисар-махкара схьадогІучу хенахь уьш баьпкаца а, хица а дуьхьал ца баьхкинера шуна. Цара Арам-НахІараймерачу Патур-гІалара БеІаран кІант волу БалиІам лаьцна дуьхьал а валийнера, шуна неІалт кхайкхадайтархьама.
Выбор основного перевода