Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Вайн Везачу Дала Башан-мехкан паччахь а, цуьнан мел долу эскар а вайн кара схьаделира. Вай ІовгІа хІаллаквира, цуьнан халкъах цхьа а дийна ца вуьтуш! Цу хенахь Башан-махкахь йолчу АргІаб-кІоштехь цуьнан ерриге а гІаланаш вай схьаехира. Цхьа а гІала ца йисира вай схьаяккхаза: ІовгІа паччахь волчу махкахь кхузткъа гІала яра уьш. Ахьа царна пачхьалкхаш а, халкъаш а делира, царна гонахара долу, геннара латтанаш а тІехь дІадийкъира. Хьешбонарчу паччахьан Сихьонан латта а, иштта Башанарчу паччахьан ІовгІин латта а шайн дола даьккхира цара.
Выбор основного перевода