Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Вай, цигара юха а дирзина, Башан-махка дахара. Башан-мехкан паччахь ІовгІа шен мел долчу эскарца ЭдреІи олучу меттиге дІавахара, вайна тІамца дуьхьалвалархьама. ТІаккха Везачу Эло соьга иштта элира: „ІовгІа-паччахьах ма кхера. Ас иза а, цуьнан эскар а, цуьнан мел долу латта а хьан кара дІадала сацам бина. Ахь цунна Хьешбонехь олалла динчу эмархойн паччахь хиллачу Сихьонна диннарг дийр ду“. Вайн Везачу Дала Башан-мехкан паччахь а, цуьнан мел долу эскар а вайн кара схьаделира. Вай ІовгІа хІаллаквира, цуьнан халкъах цхьа а дийна ца вуьтуш! Цу хенахь Башан-махкахь йолчу АргІаб-кІоштехь цуьнан ерриге а гІаланаш вай схьаехира. Цхьа а гІала ца йисира вай схьаяккхаза: ІовгІа паччахь волчу махкахь кхузткъа гІала яра уьш. И ерриге а гІаланаш лекхачу пенашца, кевнашца, кевнашна боьгІначу ондачу гІорашца чІагІйина яра. Гобаьккхина пенашца чІагІъяза кхин а дуккха а гІаланаш яра цигахь. Вай и гІаланаш хІаллакйира, ваьш Хьешбонера паччахьан Сихьонан гІаланаш хІаллак ма-ярра. ХІора гІала, Далла дІа а къастийна, кхоччуш дакъазаяьккхира, божарий а, зударий а, бераш а хІаллак а деш. Ткъа массо а бежанаш а, вай схьаяьхначу гІаланашкара карадеанарг а вай хІонсана дІадаьхьира. Башан-махкахь йолчу Іаштаратехь а, ЭдреІехь а паччахьалла динчу ІовгІин дерриг латта а дІаделлера царна. Мусас хІаллакбинчу а, лаьхкинчу а репахойн тІаьххьара виснарг вара иза.
Выбор основного перевода