Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн дела волчу Камоша делла латта шун долахь ма ду! Иштта тхо а дехар ду тхайн Везачу Дала тхайна деллачу лаьтта тІехь! ТІаккха Сулим-паччахьо Ярушалайм-гІалина малхбалехьа лаьттачу борзана тІехь цІу-деланашна Іамал ен меттигаш дІахІиттийра: муабахойн цІунна Камошна а, Іамминхойн цІунна Мулкана а. И цІуш Далла хьалха боьха лоруш бу. Иза Ас дийр ду, Сулим-паччахь, Ас бохучунна тІера дІа а ваьлла, цІаданхойн цІу-далла Іаштартана а, муабахойн цІу-далла Камошна а, Іамминхойн цІу-далла МилкІомна а Іибадат дан волавелла дела. Иза, Сан некъа тІера дІа а ваьлла, Сан хьехамаш ца лоруш, Сан весеташ кхочуш ца деш дІахІоьттина. Цу гІуллакхашна тІехь Сулим-паччахь шен дех Даудах ца тарвелира. Ярушалайм-гІалина малхбалехь болу а, ХІаллакдаран ломана къилбехь болу а сагІа доккху гунаш а сийсаздехира Юши-ЯхІу-паччахьо. И гунаш исраилхойн паччахь волчу Сулима дІахІиттийнера цІаданхоша Іамал еш йолчу дегазчу Іаштарт-цІунна а, муабахоша Іамал еш волчу боьхачу Камош-цІунна а, Іамминхоша Іамал еш волчу дегазчу МилкІом-цІунна а лерина. Шайн корматаллех а, шайн бахамах а тешна шу Іийна дела, йийсаре кхочур ду шу. Шун дела волу Камош а гІур ву йийсаре, шеца динан дай а, элий а буьгуш. Къа ду хьан, Муабин къам! Камош-харцделан халкъ, хьо хІаллакьхилла! Хьан кІентий кхечу махка дІабигина бу, ткъа хьан зудабераш йийсаре дІадигина ду.
Выбор основного перевода