Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Балакха ПаІор цІе йолчу, яьссачу арахьа бирзина болчу ломан боххье вигира БалиІам. Шаул волчу ГебаІ-гІала баьхкира зипахой. Цара элира: «Дауд тхо долчохь чІагІйинчу меттигашкахь: Хьорша олучу меттехь а, Яшимунна къилбехьа Іуьллуш болчу Хьахила-барза тІехь а дІалечкъаш лелаш ву. Уьш Шаулал хьалха Зипе дІакхечира. Ткъа Дауд шеца болчу нахаца МаІун олучу яьссачу аренгахь вара. И аре Яшимунара дІа къилбехьа, Іариба-тогІенахь, Іуьллуш яра. Зипахоша, Шаул волчу ГебаІе а баьхкина, элира: «Дауд тхо долчохь, Яшимунан дозанна уллохь болчу Хьахила-барза тІехь, къайлаваьлла лелаш ву». Шаул Яшимунан дозанна уллохь болчу Хьахила-барза тІехь сецира, некъана генахь воццуш. Ткъа цу арахь Іаш волчу Даудана гуш дара, Шаул шена тІаьхьавеана хилар.
Выбор основного перевода