Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
МостагІалла ма доладелахь муабахошца, ма болабелахь цаьрца тІом, хІунда аьлча Аса оцу лаьттах зил а лур бац хьан кара. Ас ЛутІин тІаьхьенна дІаелла Іар-гІала, цаьрга дола дайта». Іамминхошна хьо гергакхаьчча, цаьрца мостагІалла а ма леладе, цаьрца тІом а ма бе. Ас Іамминхойн лаьттах цхьа а меттиг лур яц хьан кара. Ас и латта ЛутІин тІаьхьенна дІаделла“». Везачу Эло боху: «ЛадогІа Соьга, нийсонна тІе гІертарш, Веза Эла лоьхурш! Шаьш схьахьаькхначу тархе хьовса, шаьш чуьра схьадаьхначу оре хьовса. Хьешбон-гІалин пенийн ІиндагІехь бевдда боьлхурш гІо доцуш лаьтта, хІунда аьлча Хьешбонера цІе елира, ткъа Сихьон-паччахьан гІалара алу марсаяьккхира. Цу цІеро муабахойн бІаьштигаш ягайо, оцу гІовгІа ечеран туьтанех цІе летира.
Выбор основного перевода