Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Вайн Везачу Дала иза вайн кара схьавелира. Вай иза а, цуьнан кІентий а, цуьнан мел долу халкъ а хІаллакдира. Йордан-хина тІера малхбалехьа долу латта схьадаьккхинера исраилхоша. Арнон-хина тІера Хьермон-лома тІекхаччалц долу а, Іариба-тогІи чуьра малхбалехьарчу агІор долу а латта церан дара. И латта схьадаккхархьама исраилхоша хІаллакбина паччахьаш хІорш бу: Хьешбонехь Іийна волу эмархойн паччахь Сихьон. ГалІад-мехкан ах латта цо паччахьалла деш дара. Арнон-хина уллохь йолчу ІаруІер-гІалина тІера Ябокх-хина тІекхаччалц бара цуьнан мохк. Цу хина юккъехула дара цуьнан Іамминхошца долу доза. Ахьа царна пачхьалкхаш а, халкъаш а делира, царна гонахара долу, геннара латтанаш а тІехь дІадийкъира. Хьешбонарчу паччахьан Сихьонан латта а, иштта Башанарчу паччахьан ІовгІин латта а шайн дола даьккхира цара. Цо дуккха а къаьмнаш эшийна, андий паччахьаш хІаллакбина: эмархойн паччахь Сихьон а, Башанан паччахь ІовгІа а, канаІанхойн массо а паччахьаш а. Эмархойн паччахь Сихьон а, – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. Башанан паччахь ІовгІа а – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. Аса баган-дитт санна, лекха волу а, наж санна, онда волу а эмархо шун дуьхьа хІаллаквина. Ас церан лакха тІера стом а, лахара орам а хІаллакбина.
Выбор основного перевода