Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта кхоьллира Дала адам. Стаггий, зудий кхоьллира Цо Шен аматехь. «Нагахь стага валлал чІогІа цхьанна тоьхнехь, тоьхнарг вен веза. Амма цхьаъ, шен уллораниг тешнабехкаца хаа а хууш, вен а вийна, Суна сагІа доккху кхерч болчу веддехь, кхерчана уллора дІа а вигий, ве иза. Нагахь цхьаммо стаг вехь, иза вен веза. Шаьш тІехь дехаш долу латта цу тайпана бех ма де, хІунда аьлча цІий Іаноро латта бехдо. ЦІий Іанийначун цІий Іанадаро бен шена тІехь цІий Іанийна долчу лаьттан къа дІа ца доккху. Іийсас цуьнга элира: «Батта чу дилла хьайн тур, хІунда аьлча шайн тарраш схьадаьхнарш берриш таррашца бойур бу. Адамна йийсар динарг ша а вуьгур ву йийсаре. Туьраца стаг вийнарг ша а лийр ву туьрах. Цу тІехь оьшу Делан долахь болчарна доьналла а, тешар а.
Выбор основного перевода