Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нохьа пхеа бІе шарахь ваьхча, цуьнан хилира кІентий Шима, Хьама, Япат. ХІара ду Нохьин кІентийн Шимин а, Хьамин а, Япатан а тІаьхьенах хилларг. Лаьттахь хи тІедалар хиллачул тІаьхьа церан иштта тІаьхье хилира. Япатан кІентий бара: Гомар, МагІогІ, Мадай, Яван, Тубал, Машах, Тирас. Гомаран кІентий бара: Ашкиназ, РипІат, ТогІарма. Яванан кІентий бара: Элша, Таршаш, Хитам, Доданам. ГІайренаш тІехь баха охьахевшинарш массо а Япатан кІентийн тІаьхьенах бара. ХІора кІентан а шен долахь латта а дара. ХІора доьзал а алсамболуш, тайп-тайпана къаьмнаш кхолладелира, шен-шен буьйцу мотт а болуш, дІахІиттира уьш. Хьамин кІентий бара Хуша, Мисар, ПІатІа, КанаІан. Хушин кІентий бара Себа, Хьавил, СабтІа, РуІман, Сабтехьа. РуІманан кІентий бара Шеба а, Даддан а. Ткъа Хушин вара Намрад цІе йолуш кІант, иза чІогІа ницкъ болуш кІант а вара. Иза Везачу Элана гергахь воккха таллархо вара, цундела цуьнца дустуш адамашна олуш ду: «Иза, Намрад санна, Везачу Элана гергахь воккха таллархо ву». Намрад-пачхьалкхана юкъайогІуш хилла юьхьенца Бавел, Эрахь, Аккад. Уьш ерриш ШанІар-аренна тІехь яра. Иштта цу махкара ваьлла Ашур. Цо хІиттийна Нунав-гІала а, Рехьабат-гІала а, Калахь а, Расан а цІераш йолу гІаланаш а. Нунав-гІалина а, йоккха йолчу Калахь-гІалина а юккъехь яра Расан-гІала. Мисарх бевлла лудамхой, Іанамхой, лахІабхой, наптухьхой, патІрусхой, шех пІелаштамхой схьабевлла волу каслахІамхой, каптІархой. КанаІанан кІентий хІорш бара: дуьххьарлера доьзалхо волу ЦІадан, цул тІаьхьа хилла волу Хьета. Иштта КанаІанах схьабевлла: явсайхой, эмархой, гІиргІашахой, хьаьвихой, Іаьркхахой, синахой, арвадихой, цІемархой, хьаматхой. Цул тІаьхьа КанаІанан тІаьхье дІасаяьржира. КанаІанхойн мохк баьржина бара къилбаседехьа йолчу ЦІадан-гІалара дуьйна къилбехьа йолчу ГІарар-гІала тІекхаччалц, ткъа кхузара малхбалехьара Іази-гІалара дуьйна малхбузера Седам а, Іамор а гІаланашна тІекхаччалц, иштта Удам а, ЦІабайма а гІаланашкара дуьйна ЛашаІ-гІала тІекхаччалц. Иштта яра Хьамин тІаьхье шайн доьзалшца а, буьйцучу меттанашца а, бехачу мехкашца а, къаьмнийн декъадаларца а. Шима Япатан воккхаха волу ваша вара. Шимин тІаьхьенах цхьаъ вара Іебар. Иза дерриге а Іебархойн тайпа долийнарг вара. Шимин кІентий бара Іейлам, Ашур, Арпахшад, Луда, Арам. Араман кІентий ІуцІа, Хьула, ГІетІар, Маша а бара. Арпахшадан кІант вара Селахь, ткъа Селахьан кІант вара Іебар. Іебаран ши кІант вара: цхьана кІентан цІе ПалагІ яра, хІунда аьлча иза вехачу хенахь лаьтта тІехь адам декъадалар а, дІасадаржар а хилла. ПалагІан вешин цІе Якхтан яра. Якхтанан а хилира кІентий: Алмадад, ШалапІ, Хьацармават, Ярахь, ХІайдарам, Узал, Дикхалла, Іобал, Абумаил, Шеба, Апар, Хьавил, Ябаб. Уьш берриш Якхтанан кІентий бара. Церан Іар дара Мешаъ-махкана а, малхбалехь долчу лаьмнашна а юккъехь долчу лаьтта тІехь. Ткъа Мешаъ-мохк Сепар-мехкан лаьмнашца бозалуш бара. Иштта яра Шимин тІаьхье шайн доьзалшца а, буьйцучу меттанашца а, бехачу мехкашца а, къаьмнийн декъадаларца а. Иштта яра Нохьин кІентийн доьзалийн тІаьхье шен тайп-тайпанана къаьмнашна декъадаларца. Царех даьлла массо а лаьтта тІехь дІасадаьржина къаьмнаш, Дала дерриге а латта хьулдеш даийтинчу хил тІаьхьа кхолладелла долу.
Выбор основного перевода