Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Суна дагабогІур бу Якъубаца а, Исхьакхаца а, ИбрахІимца а бина барт а, дагадогІур ду латта а. Айса церан дайшца бина барт дагабоуьйтур бу Аса исраилхойн дуьхьа. Дерриг а халкъашна хьалха церан дай Мисар-махкара арабехира Ас церан Дела хилархьама. Со Веза Эла ву». Цундела хаалаш, исраилхой, шун, Веза Дела бен, бакъволу Дела вац. Иза тешаме Дела ву, Цо Шен безаман барт ларбо Ша везачаьрца а, Шен весеташ кхочушдечаьрца а церан эзар тІаьхьенна тІекхаччалц. элира: «Ва Исраилан халкъан Веза Дела, вац Хьох тера волу Дела я лакхахь стигалшкахь, я лахахь лаьтта тІехь! Вайна юкъахь болу барт лар а беш, цунна Хьо тешаме хуьлу доггах Хьайна тІаьхьа хІоьттинчу Хьайн лешна.
Выбор основного перевода