Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Гуттаренна а хьан тІаьхьенашна буьсу болу барт бийр бу Аса Сайна а, хьуна а юкъахь: Со хьан а, хьан тІаьхьенийн а Дела хир ву. Хьан цІа чохь винарг а, ахь дети а делла эцнарг а сунтвина хила веза билггала. Шун догІмаш тІехь йолчу оцу билгалоно гойтуш болу Соьца бина барт тІейогІучу хенахь гуттара а хир бу. Дала элира: «Билггала хьан зудчо Сарата вийр ву хьуна кІант, ахьа цуьнан цІе Исхьакх туьллур ю. Аса цуьнца Сайн барт бийр бу, цуьнан ерриг а тІаьхьенашна гуттаренна а болу барт хир бу иза.
Выбор основного перевода