Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Нагахь старо стагана я зудчунна уьш баллалц маІаш Іиттахь, тІулгаш а кхиссий, бе и сту, амма цуьнан жижиг ма даа. Ткъа сту болчу хІусамден бехк бац. ТІаккха Везачу Эло Кхаиме хаьттира: «Мичахь ву хьан ваша Хьабул?» Кхаима элира: «Суна хІун хаьа? Со гІарол-м вац сан вешина?!» ТІаккха Везачу Эло элира: «Ахь хІун дина? Хьан вешин цІийн аз кхойкхуш хеза Суна лаьттара. Стаг мел вийнарг тешаша динчу тоьшаллица бен вен ца веза. Амма стаг вен кхел ярхьама, теш цхьаъ хилла Іан ца веза. Адам дерна бехке волчун дахарх кхаьънаш ма эца. Адам дойург вен везаш ма ву.
Выбор основного перевода