Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза гуттаренна а шун тІаьхьенашна тІедуьллуш ду, шу миччанхьа дехаш делахь а. Цхьа а тайпа мохь а, цхьа а тайпа цІий а ма даалаш». Миччанхьа шаьш Іаш делахь а бежанийн а, олхазарийн а цхьа а тайпа цІий ма даалаш. Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тІебаьхкина Іаш болчарах цхьаммо муьлхха а цІийца долу жижиг даахь, Аса Сайн оьгІазло яссор ю цІий дуучун синна дуьхьал, шен халкъана юкъара и са дІа а эккхор ду. ДегІан са цІийна чохь долу дела, Аса цІий сагІа доккхучу кхерчана лерина хилийта аьлла шуьга, цІий Іанорца шун синош къинойх цІандайтархьама. Шена чохь са долчу цІийно къинош дІа ма доху. Амма, варелаш, дийнатийн цІийца долу дилха ма даалаш, хи санна, лаьтта тІе дІаІанаделаш иза. Амма, варелаш, цІий даарх чІогІа ларлолаш, хІунда аьлча цІий – иза са ду, жижигца цхьаьна иза ма даалаш. Шауле хаам бира: «Халкъ Везачу Элана хьалха къа латош ду, цІийца цхьаьна хІума юуш». Шаула цаьрга элира: «Аша шайх къа латийна. Схьатакхабе со волчу боккха тІулг». Мелхо а, цаьрга кехат яздан деза вай, цІуша бехйина хІума ма яа аьлла а, нахаца леларх а, садукъдина дайинчу бежанийн жижигах а, цІийх а ларло аьлла а. ЦІушна сагІина еана хІума ца яар, цІийх а, садукъдина дайинчу бежанийн жижигах а, нахаца леларх а лардалар. И дерриге а кхочушдахь, аша дика гІуллакх дийр ду. Марша Іойла шу!»
Выбор основного перевода