Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза, дІа а вирзина, вилхира, юха, схьа а вирзина, цаьрца къамел дан хІоьттира. Царах ШимІа, схьа а къастийна, церан бІаьргашна хьалха дІавихкира цо. Иза чІогІа вилхира, мисархошна а, пирІунан цІенна а хезара цуьнан белхар. Шен ваша Бен-Яман, мара а воьллина, вилхира иза, Бен-Яман а вилхира цуьнца. Массо а ваша мара а вуллуш, царна барташ а дохуш, воьлхура Юсуп. Цул тІаьхьа вежарша цуьнца къамел дира. Юсуп, шен гІудалкх дІа а йожийтина, ГІашане шен дена Исраилна дуьхьал веара. Исраил ган ма-гинна, тІеведда, иза мара а воьллина, вехха вилхира иза. Паччахь воьхна хьаьвзира. Кевнна тІехула дина долчу цІа чу а вахана, вилхира иза. Цу тІе хьалаваьллачу хенахь цо бохура: «Сан кІант Абушалам! Сан кІант, сан кІант Абушалам! Хьан метта со велла велара, сан кІант Абушалам!» Эпрайман халкъ Сан хьоме кІант вац ткъа? Суна дукхадезаш долу бер дац ткъа иза? Иза кест-кестта Аса нисван везаш велахь а, массо а хенахь безамца дагавогІу Суна иза. Сан кийра иза бахьана долуш карзахбуьйлуш бу, Аса цунах къинхетам а бийр бу», – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода