Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тхо дерриш а цхьана ден кІентий ду. Хьан ялхой цІена нах бу, ямартхой бац». Амма цара жоп делира: «ХІан-хІан, тхан доьзалехь шийтта ваша вара, КанаІан-махкахь Іаш волчу цхьана дех схьаваьлла. Жимаха верг хІинца деца ву, ткъа цхьаъ кхелхина». Цара жоп делира: «Цу стага тхох а, вайн доьзалх а лаьцна дерриг а хоьттура тхоьга: „Шун да хІинца а дийна вуй? Кхин цхьа ваша вуй шун?“ Оха цуьнан хаттаршна жоп лора. Хьанна хаьара, цо эр дуй: „Схьавалаве кхуза шайн ваша“, – аьлла?» Юсупа элира шен вежаршка: «Со Юсуп ву! Дийна вуй сан да?» Амма инзарбевлла а, кхерабелла а болчу вежаршка дуьхьал жоп ца далалора.
Выбор основного перевода