Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Буьйса яккха севцича, вежарех цхьаммо галин бертиг яьстира вирана хІоъ бала дагахь. Цунна гали чохь шен детин ахча карийра. Галеш дІасадохуш, хІоранна а дети чохь долу шен бохча карийра. Дети а гина, церан да а, уьш а кхерабелира. ХІинца доьлхуш шозза сов дато ахча хьо, хьалха шаьш цІа деанарг а юха дІахьо: иза цхьана гІалатца галдаьлла хила мега. СовгІаташ а, хьалхачул шозза сов дети а, Бен-Яман а схьа а эцна, сиха Мисар-махка дІабахара вежарий. Уьш, дІа а кхаьчна, Юсупна хьалха хІиттира.
Выбор основного перевода