Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Вай кха тІехь цІевнаш доьхкуш дара. ЦІеххьана сан цІов, айа а белла, дІанисбелира, шун цІевнаш, цунна гонах а хІиттина, цунна охьатаьІира». Кхин цхьа гІан а гира Юсупна, иза а вежаршна дийцира цо: «ЛадогІийша, кхин цхьа гІан а гира суна: хІинца суна хьалха охьатаьІаш малх а, бутт а, цхьайтта седа а бара». Вежаршна дийцина ца Іаш, дена а дийцира цо и гІан. Дас бехк баьккхира цуьнга: «И хІун гІан ду хьуна гинарг? Со а, хьан нана а, хьан вежарий а, дахка а даьхкина, хьуна хьалха охьатаьІар ду ткъа?» Вон нах дикачу нахана хьалха охьатеІаш лелар бу, ткъа Іесачу наха хьаналчу нехан кевнашкахь гІо доьхур ду.
Выбор основного перевода