Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхин тІе а тоха: „Хьан ялхо Якъуб тхуна тІаьхьа вогІуш ву“, – алий». Якъуба ойла йора: «Ас дог кІаддийр ду цуьнан, сайл хьалха хІара совгІаташ а дахьийтина. Юха, тхойша вовшахкхетча, цо со тІеэца мега». ХІума яа охьахевшича, царна гира ГалІад цІе йолчу меттера эмкалийн къепалца богІу ИсмаьІалан тІаьхьенах болу нах. Хаза хьожа йогІучу бецех а, зезагех дина тайп-тайпана хьакхарех а эмкалш а йоьттина, Мисар-махка боьлхура уьш. Стага деллачу совгІато цунна хьалха некъ дІабосту, цуьнгахула баьччанашна хьалха хІотта мегар ду цунна. ГалІадехь хьакхар-молха дац те? Цигахь лоьраш бац те? Сан хьоме къам хІунда ца тоделла те цаьрга?
Выбор основного перевода