Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела ву со Цунна хьалха Іадийна, айса ойла ешшехь – Цунах кхерало со. Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Веза Эла! Ахь со зе а зийна, Хьуна сох лаьцна дерг дерриг а хаьа. Со маца охьахоу а, со маца хьалагІотту а хаьа Хьуна. Сан ойланаш а евза Хьуна геннара а. Со новкъахула вогІуш велахь а, я вижина Іуьллуш велахь а, уллохь хуьлу Хьо суна. Со лела массо некъаш а девзаш ду Хьуна. Меттан буьххьехь долу сан дош а, ас багах а даккхале, ма-дарра девза Хьуна, Веза Эла. Хьалхахь а, тІехьахь а, суна массо а агІор а ву Хьо, Хьайн куьг а латтадо Ахь суна тІехь даим. Ма инзаре тамашийна ду Хьуна сох хууш мел дерг. И дерриге а довза сан ницкъ ца кхаччал лекха ду-кх иза. Хьан Синах а къаьстина, стенга вер вара со? Хьан юьхь-дуьхьлара а стенга водур вара со? Со стигала хьалаваьлча – цигахь а Хьо ма ву. Эхарте со кхаьчча – цигахь а Хьо ма ву. Нагахь Іуьйренан зІаьнарийн тІемаш тІехь со хьалаваьлча а, я, хІордан дехьа йисте а ваьлла, малхбузехь со хилча а, цигахь а Хьайн куьйгаца лелаво Ахь со, Хьайн аьтту куьг а кхийдадо Ахь соьга. Нагахь: «Бодано хьулвойла со», я: «Суна гонах йолчу серлонах бода хуьлийла», – ас аьлча а, Іаьржачу бодано дІахьулвийр вац со Хьох. Хьуна-м Іаьржа бода а сирла серло санна бу. Со шуна уллохь волуш бен вац те Дела? – боху Везачу Эло. – Со шуна генахь хилча а ву шуна Дела, Со массанхьа а ву! ДІалачкъалур вуй стаг Суна ца гучу меттехь? – боху Везачу Эло. – Стигалахь я лаьттахь Со воцу меттиг ю ткъа? – боху Везачу Эло. –
Выбор основного перевода