Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш кхерабелла хир бу, чІогІачу лазарша дІалоцур бу уьш. Бер деш йолу зуда санна, хьийзар бу и нах. Йогучу яххьашца, цецбевлла, вовшашка хьоьжур бу уьш. Ахь диканиг деш хилча, ларамца тІеоьцу хьо. Ахь диканиг деш ца хилча, хьан неІарехь къа лаьтта. И хьо Іехо гІерташ ду, хьо цул тола веза». Бер деш йолу зуда хуьлу гІайгІане, шен бер до хан тІекхаьчна дела, ткъа шен бер хилла даьлча, хазахетарна и гІайгІа йицло цунна, ша адам дуьнен чу даккхарна. Амма суна шуьга дІахаийта лаьа, хІора боьршачу стагана коьртехь верг Дала леррина Къобалвинарг хилар. Зудчунна коьртехь – майра ву. Ткъа Дала леррина Къобалвинчун коьртехь верг Дела ву. Зударий, шайн майранашна, Везачу Элана санна, муьтІахь хилалаш. ХІунда аьлча майра зудчун корта бу, Дала леррина Къобалвинарг Шен дегІ долчу динан ерриге а тобанан корта хиларе терра. И тоба КІелхьарйоккхург ма ву Иза. Дала леррина Къобалвинчунна динан ерриге а тоба муьтІахь хиларе терра, иштта зударий а массо а хІуманна тІехь шайн майранашна муьтІахь хила беза. Собаре а, цІена а, шайн доьзалийн бала болуш а, дола деш а, дика хила безарх а, шайн майранашна муьтІахь хила безарх а кхетабе уьш, цхьаьнгге а Делан дашах лаьцна вониг ца алийтархьама.
Выбор основного перевода