Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Аса дохуьйту шу, берзалойн арданг юккъе уьстагІий ма-дахийттара. Цундела, текхарг санна, хьекъале хилалаш, кхокха санна, дагахь хІума доцуш а хилалаш. Амма со кхоьру, шен хІилланца лаьхьано Іехийна йолу Хьава санна, Дала леррина Къобалвинчунна догцІена а, даггара а тешаме хиларх мухха а шун хьекъалш ледийр дуй те аьлла. И боккха саьрмик Лаьтта охьатесира. Иза массарна а бевзаш болу шира лаьхьа бара. Цунах иблис а, Делан мостагІа а олу. Цо дерриг а дуьне Іехадо. Цуьнца цхьаьна цуьнан маликаш а лаьтта охьатийсира. Шех иблис а, Делан мостагІа а олу, шира лаьхьа болу саьрмик, схьа а лаьцна, цхьана эзар шарна зІенашца дІабихкира малико. амма дика а, вон а довзуьйтучу дитта тІера ма баалахь, хІунда аьлча ахьа оцу тІера стом биинчу дийнахь валарца дІавер ву хьо», – аьлла.
Выбор основного перевода