Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
амма дика а, вон а довзуьйтучу дитта тІера ма баалахь, хІунда аьлча ахьа оцу тІера стом биинчу дийнахь валарца дІавер ву хьо», – аьлла. ЛемакІа шен кІантана Нохьа аьлла цІе тиллира (иза ду Іебархойн маттахь «синтем» бохург). ЛемакІа элира: «Вай дукха къахьоьгуш ду, Везачу Эло неІалт кхайкхийначу лаьтта тІехь. Ткъа Нохьас синтем бохьур бу вайна». хІунда аьлча муьтІахь цахилар, бозбунчалла лелор санна, къилахь ду, ткъа шен лааме а ваьлла, дуьхьалвалар цІу-динах тешар санна ду. Ахьа Везачу Элан дош дІататтар бахьана долуш, Цо хьо дІатеттина, Исраилан халкъан паччахь ца хилийта». Иштта хІун хуьлу ткъа адамна стигална кІел ша бинчу балхах а, шен деган гІайгІанах а? ХІора дийнахь балане а, гІайгІане а хуьлу цуьнан болх, ур-атталла буьйсанна а дог паргІат ца хуьлу цуьнан. Иза а ду-кх кхетам тІе ца кхуьу хІума. Дала мел кхоьллинарг цу хІуманийн лаамца ца дахийтина эрна долчун кара, ткъа иза Карадерзийначун лаамца дахийтина. Амма догдохийла ю, Дала кхоьллина мел дерг талхаран лоллера паргІатдоккхург хиларе, Делан берашца цхьаьна сийлаллин паргІатонехь хилийтархьама. Вайна хаьа, Дала мел кхоьллина хІума хІинццалц баланехь дуйла, берах хьийзош йолу зуда санна.
Выбор основного перевода