Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Іийсас, жоп луш, элира цаьрга: «Аса Айса-Сайх тоьшалла деш делахь а, Сан тоьшалла кхоччуш ду. ХІунда аьлча Суна хаьа, Со мичара веана а, стенга воьду а, ткъа шуна ца хаьа, я Со мичара веана а, я Со стенга воьду а. «Иблисан кІант а, нийса долчун мостагІа а ву хьо! Аьшпех а, ямартлонах а вуьзна ву хьо. Везачу Элан нийса некъаш сетто кІордор дац те хьуна цкъа а? Къа латориг иблисах схьаваьлла, хІунда аьлча иблисо юьхьанца дуьйна а къа латадо. Цундела Делан КІант веана цу иблисан гІуллакхаш дохорхьама. Хьалдолчу Эло Ша лур ю шуна билгало: „ЙоІа, берах а хилла, кІант вийр ву, цуьнан цІе Іимануал туьллур ю. «ЙоІстага, берах а хилла, КІант вийр ву, Цуьнан цІе Іимануал туьллур ю. Иза „Тхоьца Дела ву!“ – бохург ду». Амма бер дина яллалц, цо цунах куьг ца туьйхира. Юсупа цу кІентан цІе Іийса тиллира. Ша билгалъяьккхина зама тІекхаьчча, Дала ваийтира зудчо дуьнен тІе ваьккхина волу Шен КІант. Иза а вара товрат-хьехамийн долахь, Стигалахь тІом болабелира. Микаал-малико а, цуьнан маликаша а саьрмикна дуьхьал тІом бира. Ткъа саьрмик а, цуьнан тиладелла маликаш а царна дуьхьалдевлира. Стигалшкара охьадуссу малик гира суна. Цуьнан карахь бух боцучу Іинан догІа а дара, стомма зІе а яра. Шех иблис а, Делан мостагІа а олу, шира лаьхьа болу саьрмик, схьа а лаьцна, цхьана эзар шарна зІенашца дІабихкира малико. Цу саьрмике тІедогІу долчу цхьана эзар шарахь адамаш ца Іехадайтархьама, малико, иза бух боцучу Іин чу а тесна, и Іин дІакъевлира, неІарна мухІар а тухуш. И эзар шо чекхдаьлча, цхьа кІеззигчу ханна иза арахеца безар бу.
Выбор основного перевода